ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 8 дагестанхо вер Европан кхеле даьккхина


Европера адамийн бакъонашкахула кхел
Европера адамийн бакъонашкахула кхел

Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело тIеэцна Нохчийчохь вийначу Дагестанера 8 жимачу стеган гергарчеран цIарах "Правовая инициатива" проекто а, "Агора" бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло а чубелла латкъам. Цунах лаьцна яздо "Кавказ.Реалиино".

Страсбургерчу кхеле хьажийначу кехаташкахь дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Iедалша Европан адамийн бакъонашкахула конвенцин цхьамогIа артиклаш йохийна хиларх лаьцна.

2016-чу шеран ГIадужу-баттахь айдина Дагестанера 8 вахархо лачкъорах долу гIуллакх. Гиначара тоьшалла дарехь, лецна, кхаа декъе а бекъна, машенашкахь дIабигина и нах. ТIаьхьо церан декъий Нохчийчохь схьакарийна. Iедало бахарехь, машенашкахь хиллачу кегийрхоша герзаш диттина полицина тIе, оцу тасадалехь байина уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG