ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь бехкам бина латтош ю тIехь декхарш долчу нехан 65 эзар машен


Цхьацца декхарш долчу нехан 65 000 машен ю Нохчийчохь регистраци яр дихкаина латтош. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло, суьдан пурстоьпийн Федералан сервисан Нохчийчуьрчу урхаллана (УФССП РФ ЧР) тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, цу тайпа гIулчаш яхарна хIара шо доладелчхьана цара схьагулдина 250 миллион сом гергга декхарш.

Дийцарехь, суьдан пурстоьпийн бакъо ю машенна регистраци ярна бехкам бан, нагахь цуьнан долахо ур-аттал 100 сом барамехь декхар тIехь долуш велахь. Цул сов, цу тайпачу машенашна керла кехаташ ца доху, нагахь цуьнан хьалха хилла долахо тIехь декхар долуш велахь а.

Пурстоьпийн урхалло дагадоуьйту Нохчийчуьрчу бахархойн аьтто хиларх лаьцна, тIехь декхар ду-дац къасто шайн сервисан сайта (r20.fssprus.ru) тIехь, "Банк данных исполнительных производств" декъехь. Иза дан аьтто бу иштта Гоасвтоинспекцин официалан сайта тIехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG