ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь мехкадаьтта доккху меттигаш ларъян эскархой бита мега Iамерко


Iамеркан тIеман министр Эспер Марк
Iамеркан тIеман министр Эспер Марк

Цхьаьнатоьхна Штаташ дийцаре деш ю дукха йоккха йоцу шен эскаран контингент Шемахь йитарх лаьцна хаттар, хаам бина оршотан дийнахь Iамеркан тIеман министро Эспер Марка. Цо дийцарехь, цу эскархойн декхарелахь хир ду цхьана ницкъаша, шайна юкъахь "Исламан пачхьалкх" а йолуш, тIелатар дан мега мехкадаьттан объекташ ларъяр.

Министро бинчу хаамца, и план цкъачунна кечйеш ю, иза хIинца а кховдийна яц президенте Трамп Доналде. Ша Трампа оршотан дийнахь дIахьедар дира, ша дагахь хиларх лаьцна Шемара дерриг а эскарш арадаха.

Амма президенто ши тIетохар дира шен дIахьедарна. Царах цхьаъ ду мехкадаьтта доккху меттигаш ларъяр, ткъа важа ду Шеман кхечу регионехь эскарш дитахьара аьлла Израило а, Урдано а дина дехар.

И шиъ дIадаьккхича цхьа бахьана цо го шайна Шемахь Iамеркан эскархой латто, элира Трампа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG