ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бетербиевс – Гвоздике: "Бакъ чемпионаш муха лета гайтира ахь"


Бетербиев Артур
Бетербиев Артур

Дуьненан Боксан Кхеташонан (WBC, World Boxing Council) а, Дуьненаюкъара Боксан Федерацин (IBF, The International Boxing Federation) а чемпионо Бетербиев Артура баркалла аьлла шех леттачу украинахочун Гвоздик Александрана.

«Суна баркалла ала лаьа Гвоздик Александарна пIераскан дийнахь тIехдика латар дIадахьарна. Ахь деш долу тохарш онда дара, ахь дерриг а дуьненна гайтира, бакъ чемпионаш муха лета. Ахь цу латарна юкъадиллинера дерриг а, сийлахь дара суна иза хьоьца дIадахьар", - яздина Бетербиевс Инстаграмерчу шен агIонехь.

Канадехь веха нохчийн боксер туьйлира Гвоздикца леташ 10-чу раундехь, иза нокауте а вохуьйтуш. Цу кепара цо даьккхира WBC-н а, IBF-н а чемпионан ши доьхка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG