ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Стенга балха хIуттур ю 84 шаре яьлла йоккха стаг?"


Шен махкахь совъяьлла Шемара чергазхо Чилова Шазия
Шен махкахь совъяьлла Шемара чергазхо Чилова Шазия

ВорхIолгIа шо а ду Шемара ГIебарта-Балкхаройчу а еана, "Терек" олучу санаторехь 84 шо долу Чилова Шазия еха. Ша цхьаъ ю иза: цомгуш хилла, йа къаналла кхаьчна велла цуьнан цIийнах мел хилларг. Ледарчу хьелашкахь хене юьйлу иза. Цуьнан гергарчу нахах тIаьххьара йиссина цуьнан йишин йоI, Шемахь тIом а балале ГIебарта-Балкхаройчу еана, Нальчикехь марехь ехаш ю. Шазияна ца лаьа царна балеяьла, ишта а шаьш а гаттонехь бохкуш бу уьш боху цо.

Иттанашкахь куьг тохазчу, ширчу гIишло чохь дIатарйина Шазия. Украинера мухIажирш чугIоьртича, хIара а, кхинболу чергазий а дехьабехира хIинццалц баьхначу санаторера.

Керлачу меттигерчу гIишлон йа кораш а, йа неIарш а, йа цIенкъа а яцара. Дерриг а меттахIоттийра мухIажирша шайн ницкъашца а, юкъ-кара волонтераша а, кхарах дог лозучара а гIо а деш.

Чилова Шазияйн хьал девзаш волчу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу адвокато Гудов Науруза "Кавказ.Реалии" портале дийцарехь, ледара ду гIуллакхаш йовхонца а, довхачу хица а: "Арахь йовхох ю цуьнан хIусамчохьчул а. Цу тIе могуш а яц иза. ГIо дан стаг а вац цуьнан. Оьцуш пенси а дац цо, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан яхархочун паспорт дац цуьнан. 2016-чу шарахь Оьрсийчохь яха бакъо ялар доцург, кхи аттачу даьлла дац цуьнан гIуллакх".

Чилова Шазия
Чилова Шазия

Зудчо бахарехь, масийттазза меттигерчу дуьненаюкъарчу чергазийн "Адыгэ Хасэ" ассоциацига гIо дехна цо, амма шайн дан хIума дац аьлла цара а. Хьалха хиллачу республикан куьйгалхочуьнга а гIо дехна хиллера Шазияс, амма цо а тергамза йитина хилла.

Адвокато Гудовс дегайовхо ю боху керла хIоьттинчу мехкан урхалхочо цуьнан гIуллакх шен тергоне а эцна, Шазияна цхьа пайда бер бу аьлла.

"Иза юкъа яхийта тарлуш пачхьалкхан программаш ма ю. Цу кепара гIуллакхаш луьстуш, масала, гIалин администрацехь ю цхьа Фонд. Оцу зудчунна гIо дан деза хIусамца а, маьхза молханаш латтош а, хIунда аьлча, билггал таро яц цуьнан уьш ша шена эца", - дуьйцу адвокато.

"Жьэгу" цIе йолчу организацин куьйгалхочо Бегретова Ольгас дийцина "Кавказ.Реалиига", Чилова Шазияца дуккха а лазарш хиларх, амма хIетте а заьIапхо ю аьлла, тIечIагIдойла яц бохуш. Йа хилча а, пенси хIоттадойла яц цуьнан оьрсийн паспорт ца хиларна.

"Мел а пенси шена хIоттадайтархьама цхьана шина-кхаа баттана цхьанхьа болх бан беза цо. Ткъа мича балха гIур ю 84 шо долу йоккха стаг? Оьрсийчоьнан яхархо хила хIинца а кхаа шарахь кху пачхьалкхехь яха деза цуьнан. Цу тIе билггал иза тIеоьцур ю ала а дац. Оьрсийчохь хала ду цуьнца доьзнарг", - аьлла Бегретовас.

Текстан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Черкес Лариса

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG