ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара нохчийн кегийрхой кхетош кхио дагахь ву Кадыров


Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Инстаграмехь дIахьедар дина, республикехь хьовха цулла арахьа беха кегийрхой а кхетош кхио ша дагахь хиларх лаьцна. Цуьнан сагаттадо кхечу регионашкахь бехачу нохчийн къомах болчу кегийрхоша.

Нохчийчоьнан хьалханчо чIагIдарехь, сих-сиха нисло кхечу регионашкахь бехачу республикерчу схьабевллачу жимачу наха нохчийн къоман сий дойъу хIуманаш лелор. Социалан машанашкахь гучубуьйлучу хаамаша карзахйоккху юкъаралла, ткъа цо декхарелахь до вай цхьаъ дан, боху цо.

И хьал дIанисдарца йоьзна цхьамогIа гIулчаш яхар Кадыровс тIедиллина республикан къаьмнийн политикехула волчу министрана Умаров Джамболатана.

"Республикал арахьа веха хIора нохчо кхета веза, ша лелочух дозаш хиларх вайн дерриг а къомах хетарг", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

XS
SM
MD
LG