ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь набахташкара ведда 500 тутмакх, боху Шойгус


Шойгу Сергей
Шойгу Сергей

Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедина, шайгахь болчу хаамашца Шеман къилбаседехьарчу набахташкара бевддачу тутмакхийн терахь ду 500 гергга стаг аьлла. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.

Шойгус дийцарехь, дуккха а чубоьхкинчу нехан бовда аьтто баьлла, гIарол дар цхьана декъана шина дийнахь дIадаьккхина хилар бахьана долуш.

CNN телеканало бинчу хаамца, шен агIор Пентагонан куьйгалхочо Эспер Марка дIахьедар дина, Туркойчоьнан тIеман операци дIайолаелла дукха хан ялале бевддачу "Исламан пачхьалкх" тобанан "бIеннаш тIемалойх" лаьцна.

Оццу хенахь, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташ Путин Владимира а, Эрдоган Реджепа а барт бина Шеман къилбаседа-малхбалерчу хьолаца боьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG