ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдийн тIеман тобанаш дIаяхана Шемарчу кхерамазаллин асанера


Курдаш а, церан доьзалш а кхерамазаллин асанера дIабуьгу ковра. 20ГIад2019 года

Шеман къилбаседехьа йолчу кхерамазаллин асанера дIаяхана курдийн тIеман тобанаш. Цунах лаьцна Хонкаре хаам бина Вашингтоно, дуьйцу Reuters агенталло.

Туркойн къоман кхерамазаллан министрало дIахьедар дина, цу кIоштахь кхин операци йоло карарчу хенахь оьшуш дац аьлла. Цуьнца цхьаьна Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта дIахьедина, Шеман къилбаседехьарчу кIошташкахь тIеман операци ханна сацор дац, иза кхоччуш дIайирзина, ткъа туркойн эскархой цу регионера дIабаха кийча бу бохург.

Шен агIор Iамеркан вице-президенто Пенс Майка билгалдаьккхина, курдаш кхерамазаллан аса йитина хиларх лаьцна шега хаам бинарг Шеман тIеман ницкъийн буьйранча ву аьлла.

Курдашна баркалла а аьлла, вице-президенто билгалдаьккхина "Исламан пачхьалкхаца" къийсам дIахьош Iамерка а, цуьнан бертахой а шайн Iалашоне кхаьчна хилар а, ткъа хIинца Iамеркан эскархойн цIа берза аьтто хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG