ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьехархошна дресс-код юкъаяьккхина ГIалгIайчохь


Ерриг а доьшийлашкахь хьехархойн духар хьокъехь билламаш (дресс-код) юкъабаьхна ГIалгIайчохь. Цунах лаьцна хаам бо, Кавказ.Реалиино, республикерчу дешаран министраллан зорбанан сервисна тIе а тевжаш.

Арахецначу омрица а догIуш, хьехархой декхарелахь бина, белхан хьелаш тидаме оьцуш, гӀехьа бос болу, мачаш а, духар а лело. Хьехархой васт хила деза "къовламе а, чӀарх-аьлла а". Цара лелочу духарна терго яр тIедожийна доьшийлийн администрацешна.

ГIалгIайчоьнан дешаран а, Iилманан а министро Бокова Эсета дийцарехь, хьехархочун тӀоьхлара сибат къаьсташ хила деза, оьзда а, дурсе а, цIена а хиларца цуьнга ларам а, тешам а кхуллуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG