ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернозубовехь вийна 3 стаг дIавуллур ву Нохчийчохь


БациевгIеран доьзало Ростовн махкахь Чернозубов кIотарахь шайн байина нах дIабохка дIабаьхьна Нохчийчу, хаам бо "Регион-онлайн" сайто.

- Меттигерчу бахархоша буьйцу БациевгIара дукха хенахь дуьйна цу кIоштахь бехаш хилла вуно бакъахьа нах санна. Цхьа а кхеташ вац и тайпаниг муха нисделла бохучух. БациевгIара шайн махкахошца цхьана баьхкина байинарш машенашна чубехкина дIабаьхьира. Церан Iедал ду шайн даймахкахь белларш дIабухкуш, уьш Нохчийчу бахана", - яздо регионерчу зорбанан гIирсаша.

Болчу хаамца, хиллачу герзаш деттарехь вийна БациевгIеран доьзале кхо стаг: Iаьрби а, Идрис а, Ислам а – ши ваша а, вешин кIант а. Церан довхошна юкъахь а ву вийна ши стаг. Церах цхьаъ ву Дакишвили Зураб. Вeкхуьнан цIе къастош ю.

Хьалхо Ростовн махкарчу талламан комитето бинчу хаамца, герзаш деттарехь дакъалаьцна цхьа стаг лаьцна ву.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Ростох махкарчу урхалло бинчу хаамца, ГIадужу-беттан 22-хь 5 стаг вийна, 2 госпитале охьавиллина, Орловн кIоштахь, герзаш а детташ, дов далар бахьана долуш. Чернозубов кIотаран бахархошна юкъахь дар-дацар иккхина хилла даьхний дажо меттигаш бахьана долуш. Бехктакхаман гIуллакх талла долийна меттигерчу Талламан комитетан белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG