ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра 3 стаг вийна некъан хьовзамехь


Гайтаман сурт

Бохам хилла кхаарин дийнахь Волгоградан махкахь Камышински кIоштахь "Сызрань-Саратов-Волгоград» некъа тIехь. Жима ши машен дуьхь-дуьхьал кхетта сарахь 4 долуш Усть-Грязуха эвла некъ дIахьовзарехь.

Цунах лаьцна хаам бина Infokam.su сайто. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цхьамогIа кIошт цхьанатоьхначу "Камышинский" декъан векло Агаркова Маринас дийцарехь, "Лада Приора" машенна урхалла деш хилла 26 шо долу ГIалгIайчохь вина жима стаг Камышино агIор воьдуш хилла, Волгограде ваха дагахь.

Агарковас чIагIдарехь, кIоршаме некъаца лела низам а дохийна, машенаш дуьхьал йогIучу агIор а ваьлла, цо шен машен ларамаза дуьхьалтоьхна Нохчийчуьрчу 32 шо долчу стага урхалла дечу "Volkswagen Getta" машенна.

Оццу маьIаргонна вийна "Volkswagen" хьалха хиина хилларг а, ша машен тIетоьхнарг а, цунна уллехь хиина хилла цуьнан ваша а.

Полицин векало бинчу хаамца, белларш йохийначу машенашна чуьра схьабаха гIо эшна Орцан министраллан белхахошкара.

XS
SM
MD
LG