ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со кхета, муьлххачу хенахь а доьза ван тарло со"


"Кавказ.Реалии" порталан корреспондентца хиллачу къамелехь "Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" президенто Кутаев Руслана дийцина, юкъараллан а, бакъонашларъяран а белхаш бан Оьрсийчохь хала хиларх. Ишта политикан тутмакх лаьттинчо дуьйцу, блогеро Абдурахманов Тумсос арабаьккхинчу некъах а, Нохчийчохь маьрша шена стенна ца хета а.

"Айса лелочух дика кхеташ ву со"

- Лурчаха ГIуран-баттахь набахтера араваьлла хьо. ХIетахь дуьйна вахар стенгахь ду хьан?

- Эха шарахь сайн регистраци йолчу меттигехь а, Москвахь а хан яьккхира ас. Цул тIаьхьа Кхарачойн-Чергазийчу талламаш бан кхайкхира со. Цига дIа а вахна, важа ах шо цигахь текхира ас. Кху шеран Чиллан-баттахь суна тIаьхь латто терго дIаяьккхира. ХIетахь дуьйна Лермонтово гIалахь Ассамблейн штаб-квартирехь веха со.

- Гуттаренна а Iер-дахар Нохчийчохь дац-кх хьан?

- Со, пачхьалкхан низамаш Iалашдийриг хилера терра, республике а веана, цхьана ханна учоте хIоьттира со. Амма виллина кхузахь Iаш вац со. Амма со дIавоьду а, цIа вогIу а меттиг – Нохчийчоь а, ТIехьа-Мартана а ю.

- ТIаккха, республикехь волчу заманчохь, хьуо маьрша хетий хьуна?

- Дера ца хета. Сайна тIаьхьаяьлла лелаш масех машен хаало суна. Сан доттагIашна-м церан лоьмарш а цхьана евза. Низам хьоьшуш ас лелош кIад а дац, бакъдерг дийцар доцург. Ткъа вайн пачхьалкхехь бакъдерг алар бахьана долуш вен а воь, набахте а хьажаво, тIепаза къайлавоккху.

Айса лелориг хууш ву со. Со кхеташ ву, "Со кхета, муьлххачу хенахь а доьза ван тарло со, мичча хенахь а сан машен эккхийта а тарло. Амма хIете а со тешна ву, сан Iожалла кхаьчнехь со миччахь а лийр ву. Нагахь санна, Делах тешам сайн дагчохь бацахьара, тарлора со ийзавала а, дIасахьежа а. Далла тIе а тийжаш, ас сайн ницкъ мел берг до нийсо толийта. ХIара ду-кх сан дахар. Со набахте вахийтале а ишта дара сан дахар, амма карарчу хенахь мел а шуьйра гIуллакхаш леладо ас.

- Хьайна тIехь ницкъбина, Iазап лелийна аьлла, ахь дIахьединчул тIаьхьа, нохчийн Iедалхойх цхьа а хьоьца цхьанакхета гIоьртирий?

- Дера гIиртира. Со набахтехь волчу хенахь, шайн ма хуьллу сценарий хийца гIиртира: "Бехк ма билла. КъинтIера вала, жин доьсинера, кхечу дуьнентIера адам ("инопланетянин") деанера бохуш. (Нохчийчохь Кадыровна хьалха хIиттина, гечдар доьхучийн аларш ду кхузахь хьахийнарш: жин доьсинера, хьекъалх тиллера - редакцин тIекхиор).

Шаьш бохучунна со тIе ца тайча, кеп-кепара даржаш кхийдадора соьга, ур-атталла, полицин куьйгалхочун гIант а цхьана. Уллохь лаьтташ полисхойн хьаькам а волуш, бехира соьга: "Хьайна лаахь, кхуьнан метта милицин куьйгалле хIотта". И ду хьуна суна ницкъбина, суна йиттина полисхойн дакъа.

"Республикан урхалле со хIоттон йиш хиларх а дийцира соьца"

- Хьуна дуьхаьл даьккхина бехкзуламан гIуллакх шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дийцира, резонансе гIуллакх дар-кх иза. Тахана цундела, ахь критика ярх а, бакъонашларъяран болх барх а, оцу бахьанашца Iедало хьайга хIуммаъ ца олу аьлла хетий хьуна?

- Ша Iехон мегар дац. Цкъа делахь, сайн дахарехь цкъа а сий доцурш дийцина дац ас. Сайна хетарг оьздачу маттахь дийца гIоьртина со. Ас цхьа а аьшнаш ца во, ас мел олург нохчочо санна, боьршачу стага ала ма деззара дIаолу. И цхьаъ ду. ХIаъ, ахь хьахийначу бахьанашца цхьадерг могуьйтуш хила а тарло. Суна гонах хиллачо мел а гоьваьккхина со, дуккхаъчу нахана вовзийтина. Тарло цо а суна цхьа дуьхьало еш хила. Массо а вочунна дуьхьало ю иза алар - нийса хир дац. Айса суо Iехавар хир дара и тIаккха.

- Нагахь санна, Кадыровс хьайга Нохчийчохь шен гIоьнча йа хьехамча хила аьлча, реза хир варий хьо?

- Тахана Путина сайга республикан урхалле хIотта аьлча, со…доцца аьлча. Иза-м дийца а ца оьшу. Ас диллина дIабоху хьуна, суна эхь а ца хета ишта ала. 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан администрацера нах баьхкинера суна тIе. Нохчийчоьнан куьйгалхо со дIахIотторах къамелаш дира оха. Соьца и дийцарш-м дийнна эхашарахь латтийра цара. Ас хIетахь а элира, тахана а боху, суна оьшуш хIума дац и. Со кийча ву Оьрсийчоьнан премьер-министр хIотта, йа оьрсийн президентан администрацин куьйгалла дан. Цу тIехь цхьа а проблема яц. Амма сан билламаш хир бара: Оьрсийчоь кхиорехь суна хетарг а, сан хьежамаш цара тIе а эцна, сайна ма-хетта хецца со болх бан витахь. Ткъа кIадбоцург а хилла лела луур дацара суна.

Кадыровга болу ларамах а, "троллех" а, "ницкъбаран структурех" а

- Ахь ийза а ца луш критика йо нохчийн Iедална. Бакъду социалан машанашкахь цхьаболчара яздо хьо "кхоьллина оппозиционер" ву, Нохчийчохь ваха а вехаш, Кадыровх шена хеттарг дуьйцийла яц бохуш. Хьуна хаалой нехан хьайгахьа кхоллаелла шеконаш?

- Цкъа делахь, сайна хет-хеттарг Кадыровх дуьйцуш вац со. Муьлххачу стаге а ларам бу сан. Кадыровх а, цуьнан доьзалх а, тайпанах дуьйцурш осала нах бу. Суна сийдоцу нах хета уьш.

Ткъа ас дуьйцург, Кадыровс урхалла дечу Iедало лелориг ду. Наха дуьйцучух аьлча, сан бала бац цаьрца. Шайн яххьаш хьулъеш, аватарке кобран, саьрмикан, цIоькъалоьман суьрташ хIитточу нахах, хьиджабаш йоьхна Сусаннаш олу ас. Уьш хIун нах ю? ХIун къонахий бу уьш?

Дахарехь шайн ца хиллачу аьттонна а, шаьш кIиллой хилар а дIадайа гIерташ, баккъал а цхьаъ дечунна тIе нехаш хьоькху цара. Суна Iаламат мехал ду, сайна сайх хетарг а, сан гергарчу нахана, сан дуккхаъчу уллорчу доттагIашна хетарг а.

- Хьо цхьана меттахь соцуш вац, кхечу мехкашка а лела хьо. Ахь бечу балхаца доьзна дуй и хьан дIасалеларш?

-Ду дера.

- Цкъа а коьрте догIий хьуна, пачхьалкхера ара а ваьлла, масала, нохчийн кхечу пачхьалкхерчу диаспоран коьрте хIотта?

- Аьттехьа а дагадеана дац суна и. Суна цхьанхьа а лидер хила ца лаьа. Ас даим ден къамел "Кавказерчу къаьмнийн Ассамблейн" цIарах а, цуьнан декъашхойн цIарах а хуьлу. Ас ца до къамел нохчийн къоман, муфтиятан, даймахкал а арахьа йолчу парламентан, йа галактикерчу парламентан цIарах. Айса куьйгалла дечу организацин цIарах а, Кутаев Русланан цIарах а бен ца до.

- "Кавказан къаьмнийн Ассамблей" дуьненчохь хиларх ца хуучу стагна дийцахьа, хIун лелош ю хьан организаци? Масех дешнашца…

- Тхан организацино шен ницкъ мел берг до културан юкъаметтигаш чIагIъярхьама, къаьмнаш кхето гIерта тхо, тIом бан а, дуьхьалонаш латтон а, девнаш даха а вайна арахьарчу наха марздеш хилар. Доккхачу декъанна, оцу тIехь уггар а жигара хьийзачех ду тахана - Оьрсийчоьнан куьйгаллера Iедал. Тхайн ма хуьллу ситуаци хийца хьийза тхо. Амма Iаламат хала ду, хIунда аьлча, кхузахь болх беш пачхьалкхан машен ю, шен ницкъаллийн структурашца.

Кхел, прокуратура,Талламан комитет, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла, Росгварди – адамашна ницкъ бен, харцо лелон, шайна хеттарг ден структураш ю уьш. Iедало хIоттийначу кху хьелашкахь тхайн болх цхьана кепара бан безаш хуьлу тхо. Амма майрра олийла ду сан, хIетте а дуккха а мехал гIуллакхаш дан аьтто хуьлу тхан.

- Дукха хан йоццуш вайн тасаделлачу къамелехь ахь элир-кх, "маьрша, демократин пачхьалкх, Нохчийоь а цхьана, хилийтархьама" къийсам латтош ву хьо аьлла. Ткъа муха хета хьуна йозуш йоцчу Ичкерин идей?

- Къоман цхьаалин Партин куьйгалхо вара со (1993-чу шарахь Кутаев Руслана кхоьллина парти). Сан партерчу дукхахболчу депутатийн кхаьжнашца парламентан спикер хаьржира Алихаджиев Руслан. Цхьа хан-зама дIаяьлча хIун хилира, 300 эзар вахархо вийра. Нохчашна дуьхьал дина Iаламат ирча зулам ду иза. Тахана маршо а елла, "даха шайна" аьлча - вайна и кIезиг хир ду. Вай стамделла, вайна йоккха территори оьшу. Оьрсийчоьно китайхошна дIалуш бу меттигаш. ХIинца вай боху: "Тхуна кхунах тоам хир бац, тхуна Якутин алмазех а, Магаданан дешех а, Уренгойн газах а, Тюменан мехкадаьттанах а, Норильскан никелх а цхьа дакъа оьшур ду. Мичара бевлла ца хуучу, олигархаш ду шаьш бохучу нахана хIунда кхочу и дерриге а?" Оьрсашка а, кхечу къаьмнашка а боху вай, тхуна шуьца цхьатерра хила лаьа.

Сан возуш цахилар- Владивостокера Калининграде кхаччалц ду. Суна тоаме яц жима Нохчийчоь. Москван мэр хилархьама къийсам латтор бу ас. Оьрсийчоьнан президент хила сайн ницкъ мел берг дийр ду ас. Ма дарра аьлча, оьрсийн пачхьалкхна Кутаев Русланал а гIоле президент хир вара олийла а дац. И ду-кх сан возуш цахилар.

"Кадыровна баркаллаш баха декхар ву Тумсо"

- ТIаьххьарчу заманчохь вайна гуш бу нохчийн Iедалхошна а, блогерна Абдурахмановна а юкъахь информацин боьду тIом. ЧIир а кхайкхош, луьра тIом бу иза. Хьуна хIун аьлла хета, Кадыровн агIон оцу тIамехь цхьана а кепара кхиамаш хиллий?

- Нохчийн Iедалхоша "кхоьллина" ву Абдурахманов Тумсо. Баркаллаш баха декхаре ву-кх иза Кадыровна а, цуьнан Iедална а. Тахана иза "Iедалан стаг ву" бохучеран могIарехь вац со. И сонта къамел ду. Ловсакхаша а, кIиллоша а дуьйцу хIумнаш ду уьш. Дахарехь цхьана а хIуманца аьтто ца хилла, кхолламо оьгIазбахийтинчу наха олу Тумсох лаьцна ишта. Тумсо къахьоьгуш стаг ву. Нохчийчохь мел хуьлучух тоьшаллашца информаци кхачочух тера ду цуьнга. Со дика кхета цунах. Тумсос ша вина шех ша, амма цу тIехь цунна гIо дина нохчийн Iедало а.

- ТIаьххьара шен хиллачу эфирехь блогеро Абдурахмановс дIахьедира, накроман а, къаьркъа молу стаг а шена гIоле хета, зуькарш а деш, мовлидаш доьшушчу нахел а аьлла. Оцу доллучух а хьуна хIун аьлла хета?

- Абдурахмановна шена хетарг ма ду иза. Иштта ала йиш ю цуьнан, шена Китайра буддисташ а, Далай-лама а уггаре а авторитете бу. Абдурахмановс ша аьлла ду и дешнаш, шен цIе а йоккхуш, юьхь а ца хьулъеш. Цунна хетарг ду-кх иза!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG