ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь чIир йитина некъан бохамехь зуда а, бер а дийначу стагана


ЧIир йитар, архивера сурт
ЧIир йитар, архивера сурт

Нана а, цуьнан 5 бутт кхаьчна бер а дуьйш хиллачу некъан бохамехь дакъалаьцна волу стаг витина кхелхинчеран доьзало Нохчийчьурчу Гуьмсан-кIоштахь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, республикерчу динан урхаллана тIе а тевжаш.

Муфтиято бинчу хаамца, Гуьмсан кIоштан къедас Абдулмуслимов Амира дакъалоцуш хиллачу маслаIатехь кхелхинчу ненан а, беран а гергарчара бехкана геч дина витина 25 шо долу Гуьмсера вахархо.

Стаг витарехь дакъалоцуш хиллачу наха баркалла аьлла догдикалла гайтинчу кхелхинчеран доьзална а, гергарчу нахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG