50 000 вахархо электросерло йоцуш висинера Нохчийчохь, аварин хьал хIоттар бахьана долуш, хаам бина Оьрсийчоьнан Минэнергетикехь.
Авари хиллера еарин дийнахь 10 сахь 50 минот яьлча. Ток йоцуш бисинера Хьалха-Мартанан кIоштара бахархой. Цу тайпаниг хилахь а аьлла кхоьллина сервисаш болх бан йолаелира ток ялар меттахIоттош.
Оцу хенахь хIаваан температура яра арахь 15 градус. МеттахIотторан белхаш дIабирзира 12 сахьт 13 минот яьлча.
"Трансформатор юха а болх бан йолаелла. Массерна а луш ю ток", - билгалдаьккхина энергетикан министраллан векалша.