ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра 300 тIеман полисхо хьажийна Шема


Шема -- Оьрсийчьура тIеман полисхойн дакъа, ГIад. 23, 2019
Шема -- Оьрсийчьура тIеман полисхойн дакъа, ГIад. 23, 2019

Нохчийн Республикехь дIатардинчу Оьрсийчоьнан эскаран 300 тIеман полисхочух лаьтта дакъа хьажийна Шема. Цунах лаьцна хаам бинчу "Звезда" телеканало дийцарехь, цара кхочуш йийр ю шайна хьалха хIиттийна леррина Iалашонаш.

Болчу хаамца, гергарчу хенахь уьш шайна тIедиллина декхар кхочуш дан буьйлалур бу билгалйинчу кIошташкахь меттигерчу бахархойн кхерамазалла ларйеш а, туркойн дозанца 30 километр шуьйра асанера курдийн тIеман тобанаш арайохуш гIо деш а, хаам бо телеканало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG