ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк цабиллар дехна Симферополехь журналистана тоьхначу нохчийн байкеро


Симферополехь "Крым 24" телеканалан корреспондентана Уваров Николайна тоьхнарг мила ву къаьстина. Иза ву 22 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Гаджиев Абу. Цо бехк цабиллар дехна нохчийн халкъе, ша динарг бахьана долуш, хаам бо "Грозный-информ" агенталло

Билгалдаккхарехь, Гаджиев мотоцикалш дукха езаш ву. Ши шо ду иза вехаш а, болх беш а волу ГIирман коьртачу гIалахь. Жимачу стага чIагIдарехь, цу тайпаниг дуьххьара даьлла цуьнгара, цо дош делла иза юха ца хилийта.

Шен дас-нанас а, воккхахволчу вашас а, гергарчара а, доттагIаша а емал дина ша динарг, цу тайпа лелар догIуш дац нохчочуьнгахь, ша кхетта ша галваьлла хиларх, бехк цабиллар доьху ша, аьлла Гаджиевс.

Уваровна ша буй тоьхча вон хилли а хиина, гIо дан оьший, полици а, лоьраш а кхайкхий аьлла, хаьттира ша, амма журналисто цхьа а хIума ца оьшу, ша цхьаъ дийр душ а элира, бохуш дийцина жимачу стага, хаам бо "Кia-ньюс" цIе йолчу ГIирман хаамийн агенталло.

Инцидент хиллера Симферополехь гIалин юккъехь Маркс урамехь. Журналисто Уваровс бехк баьккхина хиллера нохчочуьнгара, воккхачу стагана тIе мотоцикл тоххаза ваьлла хьо, аьлла.Ткъа юхавогIуш юха а, бехкбаккха шена дуьхьал ваьллачу журналистана бетах буй тоьхна байкеро.

Цу меттехь яьккхинчу видеона тIехь гуш ду Уваровна жимачу стага буй тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG