ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернозубовхь герз диттина стаг лаьцна Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIала, полици
Соьлж-ГIала, полици

Соьлж-ГIалахь лаьцна Ростовн махкарчу Чернозубов кIотарахь 5 стаг а вуьйш, шина тобано вовшашна герзаш деттарехь дакъалаьцна стаг. Цунах лаьцна хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо.

Цу хаамца, и стаг, Нохчийчьурчу талламхоша левинчул тIаьхьа, дIавелла Ростохан махкарчу полицин белахошка.

Талламхоша дийцарехь, ГIадужу-беттан 22-чу дийнахь Чернозубов кIотарахь меттигерчу бахархойн шина тобано вовшашна герз диттина, даьхни дажо меттиг кIевсина. Вийна пхи стаг, шиъ дарбанан хIусамехь ву.

ХIинццалц цу хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна вара цхьа стаг.

Хьалхо бинчу хаамца, Чернозубовхь хиллачу девнехь дакъалоцуш хилла нохчийн шина доьзалера нах. Царна юкъахь, кхелашка а баьлла, къийсам хилла дукха хенахь дуьйна дIабоьдуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG