ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

8 эскархо вийна Забайкальерчу эскаран декъехь


Забайкальера Горный цIе йолчу гӀалин кепара эвлара эскаран дакъа
Забайкальера Горный цIе йолчу гӀалин кепара эвлара эскаран дакъа

8 салти вийна Оьрсийчохь Забайкальен махкарчу кIевлинчу Горный цIе йолчу гӀалин кепара эвлахь, эскаран декъехь герз диттина. Чевнаш хилла кхин а 2 стаг госпитале кхачийна ву.

И зулам дарна шеко йолуш лаьцна ву салти. Болчу хаамца, цо герз диттина шеца цхьана эскарехь гIуллакх дечу шен нкъосташна, хаам бо Интерфаксо. Иза хилла караул хуьйцуш, билгалдоккху "Чита.ру" зорбан гIирсо.

Baza зорбан гIирсо яздарехь, байинчарна юкъахь ву 2 эпсар а, 2 контрактник а. Бисинарш муьлуш бу къастош ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG