Телефонан террорца къийсам латто ФСБ-н бакъо хир ю дийнна пачхьалкхашца 6 баттана зIе дIаяккха. Маситта бутт хьалха Кхерамазаллин кхеташоно и хаттар дийцаре дар тIедожийна Федералан кхерамазаллин сервисана а, зIенан министраллина а.
2019-гIа шо чекхдалале цара билгалдаккха деза хIун хийцамаш бан беза зIенаца доьзначу низамашна тIехь и гIуллакх чекхдаккха. Цунах лаьцна яздо РБК-но, Кхерамазаллин кхеташонан аппаратан векална тIе а тевжаш.