ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Исламах лаьцнарш "тамехьа хаамаш" бу, боху блогеро Абдуахмановс


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Соьлж-ГIалин мэр хиллачу Кадыров Ислама лелийнарг бахьана долуш махкахваьлла лелачу 32 шо долчу Нохчийчуьрчу блогеро Абдурахманов Тумсос дикачу агIор тIеэцна цу стага адамаш хьийзош зуламаш дина хиларх лаьцна тоьшаллаш дон видео гучуялар. Амма, цо дийцарехь, цунна тоаме ца хета, шен мостагI кIезиг хетачу хьоле ваьккхина витар.

"Со реза хир ву Кадыров Исламана ша лелийначун хьакъ доллу таIзар динчул тIаьхьа, амма цкъачунна уьш тамехьа хаамаш бен бац", - элира цо, яздо "Кавказ.Ралиино".

ДIадаханчу еарин сарахь Нохчийчуьрчу ЧГТРК "Грозный" телеканало сюжет гайтира, Кадыров Ислам Соьлж-ГIалин мэран даржера дIаваккхаран бахьана дуьйцуш. Цу видео тIехь гуш ду Iедалхочо ток етташ зударий хьийзош а, адамашна тIечехаш а, кхерамаш туьйсуш цу нахера цхьаъ даккха гӀерташ а, цара цхьаъ дина хиларан тоьшаллаш дахархьамма. Полицино таллам болийна цунна дуьхьал.

Кадыров Исламца дов далар бахьана долуш Абдурахманов Тумсо дIавахара Нохчийчуьра 2016-чу шарахь, харц бехктакхаман гIуллакх а кхоьллина, чуволлар Iалашонца ша хьийзо волийча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG