ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь мехкадаьтта доккху меттигаш ларъян шен эскархой бита мега Iамерко


Шема -- Iамеркан тIеман ковра, Гезгмашин-бутт 2019 шо
Шема -- Iамеркан тIеман ковра, Гезгмашин-бутт 2019 шо

Шеман малхбалехь "Исламан пачхьалкх" тобан тIемалойх мехкадаьтта доккху меттигаш ларъян шен гIашсалтийн дакъа дIатардан дагахь ю Цхьаьнатоьхна Штаташ. Цунах лаьцна дIахьедина НАТО-н Брюсселерчу штаб-хIусамехь хиллачу зорбан конференцехь Iамеркан тIеман министро Эспер Марка.

Министро кхин билггала хIумма а ца дийцира цунах лаьцна, амма Iамеркан керланийн агенталлаш тIе тевжачу Пентагонерчу хьастано дийцарехь, вуьйцург ву гIагIдиллина техникица, шайна юкъахь танкаш а йолуш, дIатарвийр волу маситта бIаь эскархо.

Iамеркан президенто Трамп Доналда оршотан дийнахь дIахьедар дира, ша дагахь хиларх лаьцна Шемара дерриг а эскарш арадаха. Амма президенто ши тIетохар дира шен дIахьедарна. Царах цхьаъ ду мехкадаьтта доккху меттигаш ларъяр, ткъа важа - Шеман кхечу регионехь эскарш дитахьара аьлла Израило а, Урдано а дина дехар.

И шиъ дIадаьккхича цхьа а бахьана цо го шайна Шемахь Iамеркан эскархой латто, элира Трампа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG