ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Забайкальехь эскархой байаран бахьа хила мега "дедовщина"


Шамсутдинов Рамиль лаьцна тIеман полицино
Шамсутдинов Рамиль лаьцна тIеман полицино

Забайкальерчу Горный эвлахь куп тоьхначу эскаран декъехь 8 стаг веран бахьана хила мега "дедовщина олу дукха ханехь дуьйна Советан а, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан а армехь лелаш долу уставца йогIуш йоцу юкъаметтигаш лелош хилар. Цунах лаьцна яздо 72.ru портало, цигарчу 54160 декъехь маситта шо хьалха гIуллакх деш хиллачу цхьана эскархочунна тIе а тевжаш, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Цу стага дийцарехь, байинчарна юкъахь волчу цхьана лейтенанто даима а хьийзош хилла эскархой – наб ца йойтуш, саццаза устав доьшуьйтуш, шегара даьллачун дарлой иза салташна тIехь дIадоькъуш.

72.ru порталан журналисташа къамел динчу стага шена вевзаш вац аьлла герз диттина салти Шамсутдинов Рамиль.

Mash Телеграм-канало яздо, цкъачунна бинчу талламо тIечIагIдина адамаш дайинчу тIеман декъехь эскархошна юкъахь уставца догIуш доцу хIуманаш лелош хилар.

Болчу хаамца, Шамсутдиновс герз диттина охьайиллинарг ю цхьаъ хилча сихха цига кхача кечйина йолу тоба (группа быстрого реагирования). Салтичо ши магазин яссийна царна тIе. Герз диттинчу меттехь хиллачу цу тобанах дийна висина 3 стаг, хаам бо Mash канало.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, пIераскан дийнахь 8 салти вийна Оьрсийчохь Забайкальен махкарчу кIевлинчу Горный цIе йолчу гӀалин кепара эвлахь, эскаран декъехь герз диттина. Чевнаш хилла кхин а 2 стаг госпитале кхачийна ву. И зулам дарна шеко йолуш лаьцна ву Шамсутдинов Рамиль.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG