Якутерчу Нерюнгри гIалахь ФСБ-н белхахоша дIалаьцна "Путин дIаэккхо" Москва воьдуш хиллачу шаманан Габышев Александран кхо агIонча. Цунах лаьцна хаам бинера Сибирь.Реалии сайтан корреспонденте царах цхьаммо Ростокин Евгенийс.
Цо дийцарехь, иза а цуьнан ши накъост а Якутскера Чита агIор воьдуш хилла. Нерюнгри некъан полицин постехь (ДПС) церан машен сацийна кехаташ талла. Цул тIаьхьа жигархошна тIе веанчу ФСБ-н кхаа белхахоо дIавигина Ростокин а, цуьнан ши накъост а полицин декъе.
Ростокин левина Габышевна дуьхьал кхоьллинчу бехктакхаман экстремизмехула гуллакхехула. Цо чIаIгдарехь, ФСБ-н белхахошна оьшург дара шаьш ма бохху ша тоьшаллаш дар.
Ростокинера дIаяьккхина цо интернетехь блог лелош пайда оьцуш хилла телефон. Цуьнца хиллачу шина некъахочуьнца Литнарович Борисца, Брилев Николайца а къамел дина, амма ца левина.
Габышевн агIончаш хилларг бахьана долуш юхабирзина Якутске.