ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ал-БагIдади верах лаьцна хаам бина Iамеркан тIеман буьйранчаша


Ал-БагIдади Абу Бакр
Ал-БагIдади Абу Бакр

Iамеркин тIеман ницкъаш леррина операци дIаяхьна "Исламан пачхьалкх" олучу тобан хьалханчина ал-БагIдади Абу Бакрана дуьхьал, хаам бо Reuters агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш.

Newsweek зорбан гIирсо, Iамеркан эскаран векална тIе а тевжаш, хаам бина ал-БагIдади рейд дIахьош вийна хиларх лаьцна.

Пентагонерчу кхечу хьастано бинчу хаамца "Исламан пачхьалкх" тобанан куьйгалхочун дуьхьал операци хилла Шемарчу Идлиб провинцехь.Цо дийцарехь, ал-Багдадис ша шена тIе куьг даьхьна, шахIидан олу доьхка а эккхийтина. Болчу хаамца, цул тIаьхьа Iамеркан президенто Трамп Дональда яздина Twitter-хь "ХIинцца вуно мехала цхьа хума хилла" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG