ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдади вийна бохучу хаамна комментари йина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь комментари йина Iамеркан эскархоша операци дIахьош "Исламан пачхьалкх" тобан куьйгалхо Ал-БагIдади Абу Бакр вийна бохучу хаамна.

"Ал-БагIдади Абу Бакр юха а вийна? Коьрте догIу Бульба Тараса шен кIанте Андрийга аьлла дешнаш: "Ас хьо ван а вина, ас хьо вуьйр а ву!", - яздина Кадыровс, хаам бо РИА Новости агенталло.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун хетарехь, ал-БагIадади веро кIезиг хIума хуьйцур ду, нагахь террорхой дика а, вон а бохуш бекъахь.

Кадыровна коьртаниг "Исламан пачхьалкхах" ерриг а Шема цIанъяр ду аьлла хета.

Хьалхо зорбан гIирсаша хаам бира, Ал-БагIдади Абу Бакр, хетарехь, Шемарчу Идлибехь вийна аьлла. Iамеркан президенто Трамп Дональда яздина Twitter-хь "ХIинцца вуно мехала цхьа хума хилла" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG