ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: Белхаш бац Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, ХIирийчохь


Кхушеран тIаьххьарчу беттанийн терахьашца а догIуш, уггаре йоккха белхан якъо лаьтта регион ю Къилбаседа Кавказ, хаамбо Статистикан урхалло (Росстат).

Юккъерчу барамехь Оьрсийчуьрчу кавказхошлахь болх ца карош беха 10,5% бахархой. Мехкашкахула зийча, и терахь ГIалгIайчохь ду уггаре лакхара – 26,2%. Белхазалла Нохчийчохь ю 13,4%, Къилбаседа ХIирийчохь – 12,6%.

Массанхьачул кIезиг ю болх карорца проблема Москох а (белхазалла -1,3%), Петарбахахь а (1,4%), Ямал-Ненцойн махкахь а (2,1%).

Хьалхо Маршо Радионо хаамбира, шаьш-шайна болх а нисбина, Iедална ял а ца луш къахьоьгу махкахой Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ял яла декхаребарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG