ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан сацам: 40 миллион сом лачкъийна Дагестанан экс-премьера Гамидовс


Russia - Dagestan - Abdusamad Gamidov 06 February 2018
Russia - Dagestan - Abdusamad Gamidov 06 February 2018

Москварчу Лефортовон кхело сацам бовзийта болийна Дагестанехь премьер-министр Iийначу Гамидовн Iабдусаламан а, цуьнан гIовс лаьттинчу Юсуфов Раюдинан а дов дерзош, яздо ТАСС агенталло.

«Гамидовс а, Юсуфовс а, девне валийна волчу кхечу кхаа стага а бертахь лечкъийна ахчанаш», - билгалдаьккхина кхело. Цкъачунна сацам дIабешна ялаза ю кхелахо.

Талламо бахарехь, 2015-2016-чу шерашкахь Гамидовс а, Юсуфовс а 41 миллион сом лачкъийна ХIинжа-ГIалахь арахьара тIебаьхкина нах чохь кхобу изолятор еш.

2018-чу шеран Iай лийцира Дагестанан Iедалан коьртехь Iийна хьакхамаш. Уьш ХIинжа-ГIалара Москох.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG