ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

14 миллион сом барамехь нахана зен дина курхалла лелийначу дас а, кIанта а




Нохчийчохь гучуяьлла нах Iехош ахча даккха дас а, кIанта а кхоьллина курхалчийн схема. Цу шина аьтто баьлча, цунах пайда а оьцуш, 14 миллион 500 эзар сом барамехь нах Iехо, яздо Кавказ.Реалиино, "Российская газетана" тIе а тевжаш. Дийцарехь, оццул ахча даьккхина дас а, кIанта а тIедиллина машенаш оьцуш.

Чоьхьарчу гIуллакхин министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, вуьйцург ву 62 шо долу Мусалиев Рамзан а, цуьнан 39 шо долу кIант Мусалиев Элбек а.

Талламхоша дийцарехь, цу бехктакхаман гIуллакхна юкъахь волу Мусалиев Элбек Тюменехь колонехь хан токхуш хилла зуламаш дечу хенахь. ХIетте а цуьнгахь хилла мобилан телефон. Цунах пайда а оьцуш, интернетехь машенаш йохкарх лаьцна хаамаш лоьхуш хилла тутмакхо.

Нохчийн Республикан полицино дийцарехь, Нохчийчохь волчу шен деца цхьаьна, тIедиллина оьцу ша бохуш, маситта жима а, цхьаъ кхечу пачхьалкхара ялийна киранийн машен а шен дола яьккхина курхалчаша.

Чоьхьарчу гIуллакхин министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, таханлерчу дийнахь цу шиммо лелийначу курхаллех зен хилла ву 15 стаг.

Дерриг и зуламаш дина дас а, кIанта а Нохчийчохь – Соьлж-ГIалахь а, ткъа иштта Шелан а, Гуьмсан а, ТIехьа-Мартанан а кIошташкахь.

Тюменехь хан токхуш волу Мусалиев Элбек дIакхачийна Нохчийчу. Лаьцна ву цуьнан да а. Цу шинна бехке диллина сутараллица доьзна нах Ӏехор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG