ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ан лидер ал-БагIдади хIорда чу «дIавоьллина»


Шемахь шоьтадийнахь вийначу «Исламан пачхьалкх» олучу террорхойн тобан хьалханчин Абу Бакр ал-БагIададин дакъа хIорда чу дIадоьллина. Оцу хьокъехь хаам баржийна, Пентагонерчу шина тешанна тIе а тевжаш, CNN канало.

Шемин, Туркойчоьнан дозанехь дIаяьхьначу тIеман операцехь вийна ал-БагIдади. КIирандийнахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан къоман кхерамзаллехула хьехамча волчу О’Брайен Роберта NBC каналехула хаамбира, ДАIИШ-ан хьалханчин докъах 2011-чу шарахь хIорда чу дIавоьллинчу бен Ладен Iусамех диннарг дийр ду, аьлла. Террорхочун кошах зиярт ца хилийта хьаьржина и некъ, аьлла кхетийра оцу кепехь бен Ладен дIаволар политикаша.

Оршоьтадийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда хаамбира, ал-БагIдади вуьйш дIаяьъхьначу тIеман операцин видеокийсакаш йовзуьйтур ю, аьлла. Шен твиттерехь Трампа гайтира операцехь дакъалаьцначу жIаьлин сурт.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарийн штабийн Цхьаьнатоьхначу комитетан куьйгалхочо Милли Марка брифингехь дIахьедина, операцехь даьхначу суьрташна а, видеона а тIера къайле дIайоккхур ю кху деношкахь, тIаккха хир ду уьш гойтийла, аьлла.

Ал-БагIдади вуьйш дIаяьхьначу операцех мелла а билгало йолуш хаам баржийра оршоьтадийнахь. «Шемин демократин ницкъийн» информаторан операци йолаяла жимма хан юьсучу муьрехь аьтто баьлла ДАIИШ-ан баьччин бедар а, цуьнан цIий тIехь долу хIума а карон, оцу хIуманашца билгалдаьлла вийнарг, шеко а йоцуш, ал-БагIдади хилар, боху CNN канало.

Милли Марка бахарехь, тIеман операци дIахьош Iамеркахошна дийна каравеана ал-БагIдадин гонера ши стаг. Уьш муьлш бу хаийтанза ду цкъачунна.

  • Иракъерчу Самарра гIалахь вина ал-БагIдади Абу Бакр 1971 шарахь. Дин Iамош шераш а даьхна цо. 2004 шарахь Iамеркан эскаршна кIело еш вара аьлла, лецира иза.
  • Лаьцначуьра мукъаваьлча, жихIадхойх дIакхетта ал-БагIдади. 2014-чу шарахь «бусалба уммин халиф» вина цунах «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано. Цуьнан куьйга кIел хиллачу ДАIИШ-о долаерзийра Иракъан а, Шемин а яккхий территореш, гIарабевлира даIишхой нах къиза хIаллакбарца а, террораш яржорца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG