ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Малхбале вахана. Вац уллехь гуш Шахидов


Белхан визитца Бахьрейне вахана Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Оцу хьокъехь цо ша хаам баржийна шен Instagram агIонтIехь оршоьтадийнахь.

Ши кIира бен дацара Кадыров Путинца цхьаьна СаIуда Iаьрбийчохь а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь а хилла.

Кадыровс бечу хаамца, Манамехь иза цхьаьнакхетта элин воIаца ал-Халифа Насер бен Хьамадца. Хила дагахь ву иза Дуьненаюкъарчу герзан гайтамехь - BIDEC конференцехь а.

«Цхьаьнакхеттачохь тхо хьаьвсира Гумсехь, Оьрсийчоьнан леринчу ницкъийн университетехь, кечбечу Бахьрейнерчу низамхойх лаьцна яьккхинчу видеога. Бераш Iаморна ал-Халифа Насер бен Хьамада баркалла элира тхуна», - яздо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыров Рамзанна къамелаш гочдеш ву кху визитехь Даудов Турко. Иза го хьошалгIахь Кадыровс яьккхинчу видео чохь. Дукха хьолехь цуьнца Малхбале воьдуш хилла цуьнан тешаме накъост, динан хьехамча Шахидов Адам вац уллехь гуш.

Оцу битамца доьзна дагабаийта догIу деношкахь Шахидовний, СаIуда Iаьрбийчуьрчу блогерашний юкъабоьлла къовсам. Кадыров ПирIонах тарвеш йозанаш дира цо, амма ца ларавелира Мухьаммад ибн Iабдел-Ваххьабан жайнеш, Кадыровс хьалха баьхна ма-хиллара, харц хилар гойтуш тоьшаллаш далон. Ткъа цуьнца къовсавеллачу СаIудийн муфти Iийначу Ибн Базин кIентан кIанта Салехьа дIахьедира Твиттерехь, шена «бIаьрга ван ца веза» Кадыров, вогIур вац ша Нохчийчу хьошалгIа а, аьлла. Салехьа яздира, «зуламхочунна» улле хаа а дегаза ду шена, цо «бусалба нах хIаллакбеш волу Путин накъост лаьцна шена», аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG