ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIийнан пхоьалгIачу гIатт тIера чудоьжна бер дийна дисина Соьлж-ГIалахь


Байначу баттахь цхьа шо ах шо кхаьчна йоI йоьжна хилла цIийнан пхоьалгIачу гIатт тIера уьйтIа. Цунах лаьцна хIинцца, шен таллам бирзича, хаамбина полицино, яздо «Нохчийчоь тахана» портало.

Балкон тIе даьлла бер, ша тергалдеш стагга а воцуш, чудоьжна. Иза тахана толучу хьоле даьлла, хаамбина лоьраша.

Хьостано бахарехь, полицина бахьана ца карийна,хилларг прокуроре а, талламчашка а даккхина, бехктакхаман дов айдайта.

Делахь а, нана жоьпе озийна «бер лелон а, кхион а тIехь долчу дас-нанас шайн декхар кхочуш цадар» олучу административан кодексерчу бехканна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG