ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашингтон: Конгрессерчу Халкъан Векалийн Кхеташоно даредина эрмалойн къомо геноцид лайна хилар


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессерчу Халкъан Векалийн Кхеташоно (The United States House of Representatives) шинарийдийнахь даредина Османийн имперехь 1915-чу шарахь эрмалой хIаллакбар геноцид хилар.

Кхеташонерчу 435 векалех дукхахберш резахилла оцу историн хиламца доьзна Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь «эрмалойн геноцид» термин юкъаяккха. Iамеркахоша бехк буьллу геноцид яржочу муьлххачу а заманна, Iедална, зулам лору 1,5 миллион эрмалой хIаллакбар, боху тIеэцначу резолюцино.

Хьалха Iамеркахь дуккхаза а кхоже дехкина «эрмалойн геноцид» емал ярх долу хаттар, амма Атлантикан альянсехь (НАТО) йолчу Туркойчоьнна цатам цабархьама юьстахтоттура иза харцъяр.

Хонкарахь ца лору 1915-чу шарахь эрмалой байар геноцид – Осмалойн импери юхучу муьрехь массо а туркоша а, махкарчу кхечу къаьмнаша а цхьабосса лайна баланаш, боху Туркойчоьнан политикаша.

Туркойчоьно кху муьрехь Шемарчу курдошна дуьхьал дIаяьхьначу тIеман операцино дагалоцуьйту эрмалойн историн масал, боху Конгрессан декъашхоша. Оцу хьокъехь иштта аьлла Векалийн Кхеташонан спикера Пелоси Нэнсис: «Курдойн бахархошна туркойн эскарш тIехьалхаро дика кхетаво вайн зама а юйла кхераме, сов тIех юьстахтиттира вай маьттазчу зуламах долу бакъдерг».

Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Чавушоглу Мевлюта, туркойн Iедалх а, халкъах а хьакхалуш боцу «эхье сацам бу иза» аьлла Конгрессо арахецначу резолюцех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG