Iамеркан Штатийн президента Трамп Доналда хаамбина, Шемахь ДАIИШ-ан лидер ал-БагIдади вийначул тIаьхьа цуьнан меттиг дIалаца тарлуш волу стаг а хIаллаквина шайн эскарша, аьлла.
ЦIе а, муьлхачу даржехь вара а вийнарг билгал ца даьккхина Трампа. Ца йовзийтина дIаяьхьначу операцин башхаллаш а.
ДIадахначу шоьтадийнахь Iамеркан Штатийн президента дIахьедира, шайн командосо ал-БагIдади Абу-Бакрна дуьхьал тIеман операци дIаяьхьна, ДАIИШ-ан лидеро, кара ца воьдуш, эккхийтина ша а, шена уллехь хилла массех бер а, аьлла. Операци дIаьяхара Идлиб провинцехь кеманашца а, лаьттарчу ницкъашца а.
ШолгIачу дийнахь (кIира) Вашингтоно хаийтира «Исламан пачхьалкхан» пресс-гIоьнча ал-МухIажир Абу Хьасан вийна хилар – Шемарчу Алеппо провинцехь дIаяьхьина цунна дуьхьал операци.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ