ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан Лакхарчу кхело нийса айдина аьлла журналистна Гаджиевна дуьхьал бехктакхаман дов


Тахана Дагестанан Лакхарчу кхело листина ХIинжа-ГIаларчу Советски кхело бинчу сацамна «Черновик» газетерчу журналиста Гаджиев Iабдулмумина дина арз – цо дехнера шена дуьхьал бехктакхаман дов нийса айдина дацар тIечIагIдар. Амма Лакхарчу кхело лору Гаджиев низамца а догIуш бехктакхаме озийна – бакъбина Советски кхелан сацам.

Хьалхо Гаджиевс а, цуьнан адвокаташа а дехнера кхеле талламчас дов айдеш даьхна гIалаташ тидаме эцар – дов гIаттош, цо билгал ца яьккхина Гаджиевс зулам дина боху меттиг а, я хан а. Делахь а кхелаша бакъво дов гIаттийна волу талламча Телевов Надир.

Маршо Радиоца къамел динчу Гаджиев Iабдулмуминан адвоката Магомедов Шемала, шайн кхидIа а аьрзнаш дан некъ бу, элира. Амма цкъачунна хууш дац адвкоташа хIун вариант къастор ю.

Терроризмна ахчанца бухлаттор бехкедо Гаджиев Iабдулмуминна. Цо газетехула нах «Ансар» цIе йолчу фонде сагIанаш хьийсо кхойкхура, ткъа и фонд ахча латтош яра ДАIИШ шех олучу террорхойн тобанна, чIагIдо талламо.

Гаджиев Iабдулмумин политика бахьанехь хьийзочу нехан могIара язвина бакъоларъечу «Мемориал» юкъаралло, ткъа шен кхетам бахьанехь Iедало тутмакх винарг лору иза дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG