Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу шахьара «БIаьрхин ТIулг» олучу хIолламна хьалха политикан репрессешкахь байина нах дагалаца гулбелира бахархой тахана. Советан заманахь, дуьненан ШолгIа тIом балале а, цул тIаьхьа даьхкинчу шерашкахь а республикехь тоьпаш тоьхна 1600 вахархочунна. Верриг а, официало бахарехь, ХIирийчохь репресси лайнарг ву 15 эзар стаг.
«Халахеташ делахь а, оцу статистикехь тIаьххьарниг а яц вайн республика. Вайн декхар ду «йоккхачу терроро» къиза байина нах дагалеца а, хIора шарахь Гезмашин-беттан 30-чохь кху хIолламна тIе а догIуш, лелла харцо емал а еш, беллачарна зезагаш дахка, ваьш лелориг берашна дIагайта, царна истори йовзийта», - аьлла гуламехь ХIирийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигийн министра Цуциев Аслана.
Бараме баьхкинчех дукхаболучийн карахь дара террор лайначу, набахтешкахула чекхбевллачу я цигахь беллачу дедайн, дененойн, гергарчийн суьрташ.
Кхана ду репрессеш лайна нах дагалоцу Де.