ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таханлерчу нохчийн меттан орфографин бакъонаш арахецна Нохчийчохь


Шен рогIерчу гуламехь таханлерчу нохчийн меттан орфографин бакъонаш тIечIагIйина Кадыровн администрацерчу мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташоно.

«Нохчийчоь тахана» агенталло дийцарехь, меттан бакъонийн кодекс кечъеш. Нохчийн университетерчу нохчийн меттан кафедрин доцента, филологин Iилманийн кандидата Эдилов Салавдис бинчу хаамца, белхан тобано, лингвисташа а, журналисташ а, шина баттахь къахьегна меттан бакъонаш цхьалхайохуш.

Нохчийн меттан орфографин бакъонаш кодексе йохуш а, керла орфографин дошам кепатухуш а болх дIабаьхначу тобан коьртехь вара Нохчийн Республикан Iилманийн Академин президент Гапуров Шахьрудди.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG