ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу даьхнийн маIаш бодашкахь лепаш хир ю хIинца дуьйна


Ишта бу некъашца хуьлу хьовзамаш лахбан гIертачу Нохчийчуьрчу автоинспекцин лаам.

Инспекторша тоьшалла дарехь, махкахь бода боьллачул тIаьхьа дукха бежанаш нисло некъаш тIехь, машенлелорхошна хала хуьлу уьш шайн хеннахь ган а, машен тIе ца тухуш, царех Iалашбала а.

Некъаца Iуьллу, я юккъехь лаьтта бежана гуш хир дара, цуьнан маIех, я логах долахоша серлонехь къега доьхканаш тийсича, аьлла бу некъан инспекцино къадийна лаам. Иштта хаам баржийна «Нохчийчоь тахана» агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG