ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Грозный» телекомпане а балийна, довдина урамера гIант дохийначу берийн дай-наношна


Нохчийчоьнан пачхьалкхан «Грозный» телекомпанехула бахархой юьхьIаьржахIиттор могIара сурт ду махканна. РогIерчу эфирехь телехьожийлехула гайтина, чуьрчу бераша Соьлж-ГIаларчу цхьана урамера гIант дохийна дай-наной полице а бигина, Iедалхоша довдеш.

«Ипподромный» кIоштахь гIант дохийна кхаа кIанта. Ленинан кIоштан полице бигина уьш а, церан чуьранаш а. 16 шераш кхачанза ду бераш, цундела гIалин урамашкахь белхаш бар тIедожийна баккхийчарна – наношна а, дайшна а.

Эфирехь хаийтина ма-хиллара, дохийначу гIентан мах бу 44 эзар сом.

Хьажа комменташка (2)

XS
SM
MD
LG