ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехино даре дина ГIирма Оьрсийчоьнан хилар?


Чехин президент Земан Милош
Чехин президент Земан Милош


Маситта зорбан гIирсехь а, блогашкахь а, коьртачу декъана Украинерчу, де хьаха хаамаш гучубевлира, Чехин президенто Земан Милоша аннекси йина ГIирма Оьрсийчоьнан территори лерина аьлла, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

ГIадужу-беттан 28-хь Чехехь даздира йозуш йоцу Чехословаки кхоьллина Де. Цу дийнахь президенто дуккха а хьеший а кхойкхий суьйре дIахьош Iедал ду. Нах цига кхайкхар вовшахтухуш хуьлу президентан аппарат.

Кхушара цу тайпачу хьеший тIеэцаре Прагийн Граде кхайкхинчарна юкъахь нисбеллера Симферополера Кремлехьа болчу "ГIирман цхьаалла" боламан декъашхой. Цара сурташ дехира, цигахь хиллачу хьешашца дIа а хIуьттуш, ша аьлча - Чехин премьер-министрца Бабиш Андрейца.

Цул тIаьхьа цу вовшахтохаран сайта тIехь хаам арабелира, Прагехь хиллачу хьеший тIеэцарх лаьцна, "президенто Земана ГIирма Оьрсийчоьнан Федерацин дакъа хилар даре дина" аьлла комментари а йолуш.

Кремлехьарчу жигархоша яздинчун тIе тидам бахара DenikN чехин зорбан гIирсан. Журналисташа дехнера цу хаамна коммнетари яхьара аьлла президентан зорбан секретаре Овчачек Иржега. Иза реза ца хилира иза дан, дукха хенахь дуьйна шен гIоьртина юкъаметтигаш йолчу журналисташца бага леяре а волуш.

Делахь а еарин дийнахь ČTK-на интервью луш, цо билгалдаьккхира, Земанна хетарехь, ГIирманна аннекси яр хилира дуьненаюкъарчу бакъонан барамашца догIуш доцу аьлла.

Цу кепара, Земана ГIирманна аннекси яр даре дарх лаьцна бина хаам баржийна бIеннаш кхечу хьешашца цхьаьна Кремлехьара болу жигархой а тIеэцаре кхайхина хилар а, цу наха шаьш дина дIахьедар а бухе диллина. Цхьана а кепара официаан дIахьедарш ГIирма Оьрсийчоьнан дакъа хиларх лаьцна я Земана а, я цуьнан зорбан секретаро а ца дина.

Novinky.cz сайто дагадоуьйту ГIирманна тIехь Оьрсийчоьнан юрисдикци ю бохург Чехино лоруш ца хилар. Хьалхо Земана аьллера ахгIайренна аннекси яр ю "хилла яьлла факт", амма иза дац Оьрсийчоьно динарг низамца догIуш ду бохург, аьлла.

Украинин Прагерчу векалалло шаьш духьалхилар дӀахаийтина, Кремлехьара болу жигархой даздаршка кхайкхарна. Украинина хетарехь, хилларг новкъарло ян гIортар ду украинахойн а, чехийн а юкъаметтигаш кхиарна.

Оьрсийчоьно шен дакъа дира ГIирмах 2014-чу шарахь, шайн эскархоша и ахгIайре дIа а лаьцна, Украинин низамаш а дохош, референдум дIаяьхьначул тIаьхьа. Киево а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а иза дуьненаюкъара бакъо йохор лору.

Кхушара Зазадоккху-беттан 12-хь Евроберто кхин дIа а яхйира ГIирма дIалацарна 2014-чу шарахь Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш. Москвано чIагIдо, ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохар историн нийсо меттахIоттор ду, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG