ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веа полисхочунна кхел йийр ю наркотикаш йохкарна а, кхаьънаш эцарна а


Гайтаман сурт

Ставропол-мехкан кхело листа долош ду Минеральные Воды гIаларчу веа полисхочун дов. Балха тIехь харцонаш лелорна а, нахера ахчанаш дахарна а, наркотикаш йохкарна а бехкево талламо наркотикашна дуьхьалоечу декъан куьйгалхочун гIовс Кривцов Евгений а, цуьнан куьйгакIелхьара белхахой Коков Марат а, Козлов Александр а. ВоьалгIаниг ву Галустян Яков - гIаларчу цхьана куьпанна тIехьожу полисхо. Талламан комитетна тIе а тевжаш, хаам баржийна «Интерфакс-Къилба» хьостано.

Масална талламчаша даладо хIара факт а. Стохка аьхка Минеральные Воды гIалин вахархочун керт теллина оцу веа полисхочо, гина бешахь кхуьуш кIомал. ХIусамдас шайна 150 эзар сом лахь, шаьш иза жоьпе озор вац, аьлла цара, вукхо делла и ахча.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG