ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха вевзар ву кадыровхойн "интернет-тролль"?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнца йоьзначу социалан машанашкахь гучуйовлучу материалашна кIеллахь тIаьхьарчу хенахь алсам гучубуьйлу ца сацалуш цу республикера Iедалшкахьа гIо доккхуш а, церан кхиамех лаьцна дуьйцуш а болу интернетах пайдаэцархой.

Церан тидам тIе ца боьдуш ца юьсу цхьа а мухха делахь а Кадыровх а, цуьнан Iедалхойх а хьакхаелла карарчу хенахь мехала лору тема.

Цу посташна кIелларчу комментарешка хьожучуьн мотталур ду уьш юьтурш берш аьлча санна дог лозуш бу нохчийн Iедалх, хIунда аьлча церан массера а позици, цхьа тамашийначу хIуманца, республикерчу Iедалшна хетачуьнца йогIуш йолун дела .

"Троллийн пхьалгIа" болх бан йолаелира Нохчийчохь 2015-чу шарахь. Болчу хаамца, "интернет-боташ" ("бот" дацдина "робот" ду) дIатарбина бу "Грозный-ситехь" долчу цхьана лекхачу цIенон 11-чу тIегIанехь йолчу аьхначу офисехь.

Кадыровн "кибер-армина" хIинцале а цIе тилла кхиийна "крахоботаш", аьлла ("кра" инициалаш ю республикан куьйгалхочун).

ТIех сов жигаралла гайтар, там бан гIертар, машанашкахь шен доцу лелар хилар – къастаме билгалонаш ю Iедалехьа болчу троллийн. Кхин муху къаьсташ бу уьш?

"Ма тайелла Нохчийчоь Кадыров волуш"

Тролль баш сагатдеш а ца хуьлу ша йина комментари шен "пхьалгIерчу" накъоста йиначух тера хиларна. Иштта, Даудов Мохьмада Instagram-хь хIоттийначу постана кIеллахь маситта стага цхьаьнаметта дуьйцу вайна, мел кхуьуш ю Нохчийн республика Кадыров Рамзанна урхалла деш хиларна.

Цхьа ойла тайп-тайпанчу дешнашца

Iедал ду троллаш декхарелахь беш цхьацца публикацешна кIеллахь маситта комментари йита. Дукхаха болу "пхьалгIан" белхахой гIерта тайп-тайпана формулировкех пайда эца, оьрсийн мотт а, нохчийн мотт а лелош.

Доцца аьлча, дика бо шайн болх. Амма царна юкъахь боташ бу баш дIоггара ойла еш шайна ницкъ беш боцу. Цара цхьатерра комментари хIоттайо маситта постана кIеллахь.

Постана кIеллахь харц хаам

МогIарерчу социалан машанан пайдаэцархочух тарбалархьамма кадыровхойн троллийн дезаш хуьлу комментарешкахь вовшашца тӀекере хила. Диалог ца хуьлу баш дIоггара чулацаме. Массара а тоам бо доцца жоп даларх: "реза ву", "хьо бакъ бу", "Iаламат реза ву ахь бохучун" иштта дIа кхин а.

Цул сов, Instagram-ра шайн агIо "денъян" дагахь цара дIахIитта до Iалам а, гIалан пейзажаш а, машенаш а, тIехь йолу а, цхьацца интернетера схьаэцна а сурташ а хIиттош. Троллаш, баш къа а цахьоьгу материалаш хоржуш. Цара шайн агIонашна тIехь арайоху хьаькамаша шайна елла материалаш. Цундела "пхаьлгIахь" къахьоьгучу нехан агIонаш дукха тера ю вовшех.

Посташ хIиттор декхарелахь варна

Шайна тIехьожучу хьаькамо омра делча троллаш арахоьцу цхьацца видеоклипаш а, сурташ а, нохчийн Iедалийн позици иштта я вуьштта хIунда ю бохучу буха тӀе далош.

Иштта, Мангал-беттан 13-чу дийнахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза дийца даьккхинчу хенахь "пхьалгIан" белхахоша арахийцира цхьатерра цIе тиллина видео-роликаш. Цу тIехь Кадыровс шена хетарг дийцира некъан гайтам тIехь болу богIум кагбарх лаьцна.

ГIадужу-беттан 9-хь троллаш цхьана хеннахь дIахIоттийра совдегаро Успанов Юнис гIалгIайн политикан тутмакхашна критика еш яьккхина видео.

Тайна болх гайтира троллаш интернетехь яржийначу ЧГТРК "Грозный" телевизионо гайтинчу нохчийн коьртачу гIалан мэр хиллачу Кадыров Ислама ток еттачу гIирсаца зударий Iазапе лацар гойтуш яьккхинчу видеона кIеллахь. Цу сюжетана "нийса" комментареш ян юкъаозийнера, гарехь, бериг а кадыровхой "кибер-армин" белхахой.

Комментарторшна хьалха декхар хIоттийнера, масал гайта аьлла муха тIеэца беза шена еллачу бакъонел а тIехваьллачу Кадыровн гергарчу стагах лаьцна хаам.

"Цу репортажо вуно дика цхьагойту Кадыровн Нохчийчоьнан къайленаш" – нийса дац.

"Оьрсийчоьнан турпалочун Кадыров Рамзанна цу харцонах лаьцна хиинчул тIаьхьа, цо сихонца иза сацийра, Ислам шен гергара стаг воллушехь. Вайниг уггар нийсоне гIерта куьйгалхо ву" – нийса ду.

ЧГТРК-н репортажана кIелларчу 3000 сов комментарина юкъахь наггахь а бен карор яц, троллийн позицица йогIуш йоцург. Баккъалла болчу пайдаэцархошна хетарг муха ду хаа деша деза кхечара юхаарахецначу цу видеонна кIеллахь яздинарг. Цигахь, ЧГТРК-но санна, ца товн комментареш дIа ца йоху.

"Троллийн пхьалгIан" белхахоша болх бо Оьрсийчуьрчу кхечу регионашкара бахархойн я махкал арахьа бехачу нохчийн цIарх. Цара иштта лелайо автошколийн а, мебель йохкархойн а, кхин йолу а аккаунташ.

ХIунда оьшу уьш?

Соьлж-ГIаларчу интернет-троллаша комментареш юьту ЧГТРК-ан а, дуккха а республикерчу Iедалхойн а мехала шайна хетачу публикацешна кIеллахь.

Дукхаха болу нохчий шайн куьйгаллина реза бу аьлла ойла кхоллийтарал а сов, троллаш лелориг вуно дика кеп ю кхин ойла йолу нах гучубахаран. Хьаькамашка латкъамаш беш болу а, "пхьалгIан" белхахошца къийсалуш болу а комментаторш гучубовла хила мегаш хиларан кхераман кIеллахь бу, кхин дIа цаьрца хин долчуьнца цхьаьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG