Историкаша талланза, мехкийн реестршка язъянза килсаш а, хIолламаш а, маьлхан кешнаш а карийна шайн-шайн лаьмнашкахь нохчийн а, гIалгIайн а экспедицешна.
ГIалгIайн Iилманчаша теллина Iаьссан аьрру бердашца, хIордан сизал 2200 метр лакхарчу лаьмнийн тархаш тIехь лаьтта ГIал-Ерд килс. И хаам баржийна ГIалгIайчуьрчу Крупновн цIарахчу археологин центро.
Хьалхо Джейрах-лаьмнашкахь экспедицина карийра архитекторийн а, Iаламан музейн а тидамза лаьттина ялх ширачу заманара гIишло – бIаьвнаш а, маьлхан кешнаш а.
Нохчийчуьрчу историкашна-талламчашна а, цаьрца экспедице бахначу тележурналисташна а, махкарчу жигархошна а кху деношкахь ГаланчIожан кIоштарчу, тесна йитинчу Вилах юьртахь карийна ломан тархашца йоллу массийтта хьех а, бIешераш хьалха нах баьхна гIишлош а, маьлхан кешнаш а. Шатайпа мехала хазна ю экспедицина карийна 3 метр лекха болу нохчийн мифологехь бIаьстенан а, кхолламан а цIу-дела шех олучу Тушолин хIоллам.
Шина а махкарчу экспедицеша довзийтина шайна карийна Iаламаташ Iедалшна, реестро дохуш ду уьш хIинца.