ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламо тIекхайкхина Кадыров Ислам


Соьлж-ГIалахь, Талламан комитетехь, кхаа сахьтехь левина Кадыров Рамзанан маьхчин воI, Iедалан даржашкара мукъаваьккхина волу Кадыров Ислам. Оцу хьокъехь хаамбина «Грозный» телеканало, видео яржийна "Чп /Грозный" телеграм-канало а селхана сарахь.

Йолчу информацица, Талламан комитетан республикерчу урхалле цо официалехь тIекхайкхарца вахана Кадыров Ислам. Бахьана ду ша Нохчийчоьнан коьртачу щахьаран мэр волчу заманахь цо электрошокерца зударшна ток етташ, гIалин бахархошца къиза хьийзаш яьккхина видео мехкан телевигойтийло йовзийтар.

«Таллам болийначу Iедалхочо ца елира процессах йолу информаци. Цуьнца шен къамел дирзича, Кадыров Исламна а ца лиира хьолах лаьцна комментари ян», - хаамбина «Грозный» телеканало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG