ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Банжаев Вахех тезет ду Венехь


Банжаев Ваха (юккъехь)
Банжаев Ваха (юккъехь)

Вехха цомгуш Iийначул тIаьхьа, Австрин коьртачу шахьарахь Венехь кхелхина вевзаш волу нохчийн бакъоларъярхо Банжаев Ваха. «Фильтрацин лагерийн тутмакхийн юкъаралла» кхоьллина жигархо вара иза.

Банжаев Ваха гоьвелира Нохчийчохь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом боьдуш. 1995-чу шарахь, шен эзарнаш махкахой а санна, Оьрсийнчоьнан эскархо лаьцна Iийра иза. Ша фильтрацин лагерера араваьлча, дуьненан прессехула цо хаийтира нохчашка Оьрсийчоьнан эскарша хьоьгуьйтучу Iазапах, ечу гIелонех лаьцна. Массийтта фильм ю Банжаевх лаьцна яьккхина.

Федералан ницкъаша Нохчийчохь лелийначу харцонех, адамийн бакъонаш талхорах, хIаллабинчу нахах мониторинг еш шерашкахь хьийзира Вахас кхоьллина юкъаралла.

2000-чу шарахь, Австре дIавахча, цигахь бора Вахас ша болийна бакъоларъярхочун болх. Asyl in Not цIе йолчу мухIажирийн хьашташка хьожучу юкъараллица, цуьнан куьйгалхочуьнца Геннер Михаэлца цхьаьна балхабора цо дуьнене нохчийн къомо ловш болу баланаш.

ШолгIа де ду Венехь нохчий Банжаев Вахех кадамбан лела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG