ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макгрегора гIуда текхна стаганна тIара тохарна


Ирландерчу ММА-латархочунна Макгрегор Конорна 1000 евро гIуда тоьхна кхело, цо ахшо хьалха Дублинерчу цхьана паб чохь дов а даьккхина, шел дуккха а воккхачу стагах латарна.

Хьалхо спортхочо къерахиллера шегара даьллачу зуламна. Кхело ларамбина цо тоьхнарг цунна дуьхьал тоьшаллаш дан ца хIоттар а, иза ша динчух дохковаьлла хилар а.

Дов иккхинера бIаьста, Макгрегора шен цIарх дина виски довзуьйтуш барам хIоттийначу паб чохь. И малар мала дуьхьалхиллера цхьа воккха стаг, ткъа оцу бахьаница дов даьлча, цо тIехтоьхнера Макгрегорна иза ММА-н чемпионатехь «оьрсаша» эшор – вукхо бетах тIара тоьхнера.

Шен цIарца арахецначу вискин хьалхара шиша ша Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна совгIатдина элира Макгрегора дукха хан йоццуш. Амма ца хаьа шена, чам баьккхина Путина маларх я ца баьккхина – виски президентан хадархоша дIадаьхьира, «цуьнца дIовш ду-дац хьажа», - бохура ирландхочо.

ММА-н чемпионатехь шо хьалха дагестанхочо Нурмагомедов Хьабиба эшийра Макгрегор Конор. Цул тIаьхьа дуккхаза а Хьабибах лаьцна товш доцу къамелаш дийцина Конора.

25-зза летта Макгрегор чемпионаташкахь, 21-зза тоьлла, 4-зза эшна. 2015-чу шарахь иза туьйлира UFC чемпионатехь.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG