ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой махкахбаьхна де


Кхарачойн къам махкахдаьккхина 76 шо кхачарца боьзна барамаш бу боьлхуш Кхарачой-Чергазийчохь. Тезетан барам хIоттийра бахархоша Карачаевскехь, бохам дагалоцуш хIоттийначу мемориалан хIолламна гергахь.

Бахархошна хьалха вистхиллачу мехкан куьйгалхочо Темрезов Рашида элира, «депортацин политикехь дара, нах юуучух, цIийнах баьхна ца Iаш, адамийн бакъонех а бахар».

"Тахана а хала ду хIра терахь дало: 22 эзар бер делла къам махкахдаккхар бахьана долуш, делла церан а, кхечу доьзалийн а дай Даймехкан тIамехь оьгучу юкъанна», - бохура Темрезовс.

Кхарачойн Iилман-талламийн институтан куьйгалхочо, историка Шаманов ИбрахIима элира Маршо Радиога, кIезиг тергалбо Iедало 76 шо хьалха шайн къоманна хилла бохам.

"Реабилитацин кхеташо кхоьллинера 90-гIчу шерийн юххьехь, оха книжка арахийцира, «Кхарачой: махкахбахар а, цIабахкийтар а» цIе а йолуш, яздира хиллачух-леллачух долу тептарш. Кхин цул тIаьхьа бац оцу тематикаца бина белхаш. Историкаша 20-30 шо хьалха лелларг лоьцу шайне талламийн Iалашонашка, ткъа хIетахьлера зама толлу Iилманчаш кIезиг бу», - бохура Iилманчас.

Гулам хиларал совнах, шина денна суьртийн, документийн гайтам а хIоттийна Карачаевскехь, Кулиев Кайсынан синбахамаллин центрехь.

1943-чу шеран Лахьан-беттан 2-чу дийнахь депортаци йина кхарачойн къоманна. Нохчаша а, кхечу массех къомо а санна, Казахстанехь, ГIиргIазойчохь зама токхуш велла оцу къомах 43 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG