ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь вийна ГIалгIайчуьрчу «Э» центран буьйранча Эльджаркиев ИбрахIим


ГIалгIайчуьрчу полицин «Э» центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим шоьтан сарахь Москварчу Тропарево-Никулино кIоштахь. Оцу хьокъехь баьржина хаам тIечIагIбина ТАСС а, «Интерфакс» а агенталлийн хьостанаша.

Baza портало дийцарехь, машенахь веана киллер Эльджаркиев волчу метте, герз диттина цунна а, цуьнца хиллачу кхин а цхьанна а. Велла ший а. Цкъачунна йолчу информацица, «Э» центран буьйранчица Эльджаркиевца цхьаьна вийнарг хила тарлуш ву цуьнан ваша. Киллер лохуш ю Москвара полици.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG