ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу «Э» центран буьйранча верца доьзна кхо стаг ву лохуш


ЭльджаркиевгIар байинчу меттехь

Москван малхбузерчу декъехь ГIалгIайчоьнан полицин экстремизмна дуьхьалоечу центран куьйгалхо, 36 шо кхаьчна майор Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша, 30 шо долу, Москварчу Пироговн цIарахчу №1 клиникан лор Эльджаркиев Iабдул-Ахьмад а верца доьзна талламчаша зуьйш ву 9 стаг, кхо стаг ву лаца кхайкхийна. Иштта хаам баржийна, низамхошна тIе а теважаш, ТАСС агенталло.

Шоьтан сарахь вийна ши ваша. Лаххара а иттаза тапча тоьхна царна. Ца лецабелла полицига куьг-бехкенаш зулам динчу меттехь.

ТАСС-о бахарехь, шахьарара арабовла кхиинчух тера ду зуламхой.

  • Стохка Нальчикерчу кхело набахтешкахь яккха хенаш кхайкхийра шайн махкахошна тIехь Iазап латторна Магасерчу «Э» центран куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна а, массех цуьнан белхахочунна а. Кхел йоьдуш царех цхьамма тоьшалла дира, меттигерчу цхьана вахархочунна герз бухакхосса бохура шега «Э» центран керлачу куьйгалхочо Эльджаркиевс, аьлла.
  • ГIалгIайн оппозицино а, бакъоларъярхоша а кест-кеста емалйо «Э» центр низамаш дохорна – нахана тIехь Iазап латторна а, лецна бигинчарна еттарна а.

Хьажа комменташка (1)

XS
SM
MD
LG