ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2014-чу шарера схьа Донбассехь вийна 3300 вахархо


Украинан президент Зеленский Владимир Донецкан дозанехь, 2019 шо.
Украинан президент Зеленский Владимир Донецкан дозанехь, 2019 шо.

2014 шеран бIаьста Донбассехь болабеллачу тIамехь вийна 3300 сов маьрша вахархо, боху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино.

Цо бинчу талламо гойту Донбассан бахархойх 9 эзарна чевнаш йина хилар а, 1 миллион 300 эзар стаг хIусамах воьхна хилар а.

Вовшашка мостагIалла кхобучу донбассхошний, украинахошний юкъахь ду 427 километр доза. Оцу дозанал деса-сехьа бахархойн доккхийла дац дахарна оьшу сурсаташ – оцу бахьаница доьзна гIо оьшуш веха 3,5 миллион вахархо, боху дуьненаюкъарчу хьукмато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG