ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогерийн пресс-турна миллион сов сом хьажийна нохчийн Iедалхоша


Нохчийчуьрчу Iедалхоша миллион сом ахча дойур ду трэвел-блогершна лерина тур вовшахтухуш. Пачхьалкхан Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь бина цунах хаам.

50 стага кхаа дийнахь экспедицехь дакъалоцур ду. Соьлжа-гIаларчу Кадыровн цIарахчу музейхула а, маьждигехула а, "Ахмат-Арена" стадионехула а чекхбевлла, Аргунан чIоже гIур бу блогерш. Цул тIаьхьа ширачу Хой гIала а, Къоьзан Iам тIе а кхача Iалашо ю церан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG